National Anthem Of The Chechen Republic Of Ichkeria

แชร์
ฝัง
  • เผยแพร่เมื่อ 5 ก.ค. 2024
  • เกม

ความคิดเห็น • 1

  • @MountainTrollGnome
    @MountainTrollGnome  14 วันที่ผ่านมา

    Lyrics:Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла тхо,
    Ӏуьйранна лом угӀуш тхан цӀераш техкина.
    ЛаилахӀа иллАллахӀ.
    𝄆 Аьрзонийн баннашкахь наноша дакхийна,
    Тархаш тӀехь дой хьийзон дайша тхо Ӏамийна.
    ЛаилахӀа иллАллахӀ. 𝄇
    II
    Халкъана, махкана наноша кхоьллина,
    Цаьршинна эшначохь, майра дӀахӀиттина.
    ЛаилахӀа иллАллахӀ.
    𝄆 Ламанан лечарчий маршонехь кхиийна,
    Халонех, бохамех курра чекхдийлина.
    ЛаилахӀа иллАллахӀ. 𝄇
    III
    Мокхазан ламанаш даш хилла лаларах,
    Дахарехь, къийсамехь яхь оха дӀалур яц!
    ЛаилахӀа иллАллахӀ.
    𝄆 Бос Ӏаьржа ва латта молханах лелхарах,
    Тхешан сий доьхкина, тхо лаьтта доьрзур дац.
    ЛаилахӀа иллАллахӀ. 𝄇
    IV
    Тхо цкъа а цхьанненна къарделла совцур дац,
    «Ӏожалла, я маршо» - шиннех цхьаъ йоккхур ю?
    ЛаилахӀа иллАллахӀ.
    𝄆 Йижараша тхан чевнаш эшаршца ерзайо,
    Хьомсарчу бӀаьргаша хьуьнаршна гӀиттадо.
    ЛаилахӀа иллАллахӀ. 𝄇
    V
    Мацалло хьовзадахь, орамаш дуур ду,
    Хьогалло тхаш бӀарздахь, бецан тхи мийр ду!
    ЛаилахӀа иллАллахӀ.
    𝄆 Буьйсанна борз ехкаш дуьненчу девлла ду,
    Халкъана, махкана, Далла а муьтӀахь ду,
    ЛаилахӀа иллАллахӀ! 𝄇