«Беза, бовза ненан мотт!» цӀе йолу Регионан этнографин диктант.
ฝัง
- เผยแพร่เมื่อ 26 ม.ค. 2025
- Тахана, чиллин беттан 16-чу дийнахь, Дуьенайукъарчу ненан меттан денна лерина Нохчийн Республикехь дӀайаьхьира «Беза, бовза ненан мотт!» цӀе йолу Регионан этнографин диктант. Цуьнан чулацамо йукъалаьцнера нохчийн маттах а, литературех а, этнографех а долу хаттарш.
Диктант дӀайахьа лерина майданаш билгалйаьхнера республикин йерриге а йукъардешаран хьукматашкахь.
Соьлжа-ГӀалин № 5 йолчу гимназехь Регионан этнографин диктантехь дакъалецира Нохчийн меттан институтан куьйгалхочо Овхадов Рукъманан Мусас а, институтан Ӏилманан белхахоша а.