Хабаев Исмаил - Доттагlалла
ฝัง
- เผยแพร่เมื่อ 24 พ.ย. 2024
- ***
Доттагlалла - и къонахашна юккъехь лелла, къонахашна юккъехь лелаш гергарло ду, уьш - лаккхара адамалла йолуш, догдика нах болу дела, церан доллу хlума а, дуьхьала хlума а ца доьхуш, даггара, цlеначу безамца хуьлу дела. Цундела олуш ду, доттагlалла лело къонахий оьшу, олий. Хlунда аьлча, цаьрга бен лелалур доцуш, церан бен дlакхехьа доьналла тоьур доцуш, доккха гергарло лоруш ду и. Накъостий а, бевза-безарш а, хьеший а дукха хуьлу, доттагlа, шиъ-кхоъ хилахь, кхин дукха хуьлуш вац дахарехь. Вашас ваша дlатосуш меттигаш дукха нисло дуьненахь. Амма доттагlчо доттагlа дlа ца тосу цкъа а. «Ши доттагlа - шина дегlа чохь долу цхьа са ду. Ваша а ваша вац, нагахь санна и хьан доттагlа вацахь» - баьхна дlабаханчу кхетаман дайша.
© Хабаев Исмаил