Салам далар Нохчи гlилкх дац ткъа!? | Абу Зайд

แชร์
ฝัง
  • เผยแพร่เมื่อ 26 ก.พ. 2023
  • Telegram
    t.me/Hechamash
    Telegram-Архив
    t.me/chehamarchiv
    TH-cam
    / @hehamach
    ---------------------------------------------
    Ссылки каналов Абу-Халида на русском языке
    Telegram
    t.me/abuhalid_varando
    Instagram
    / abuhalid_varando
    TH-cam
    / @tabukmedia
    Tiktok
    vm.tiktok.com/ZM8KgH8ER/
    ---------------------------------------------
    Ссылки каналов Абу-Халида на чеченском языке
    Telegram
    t.me/abuhalid11
    Instagram
    abuhalid11_?igs...
    ---------------------------------------------
    Ссылки каналов Табука
    Telegram
    t.me/TAUHID_TABUK
    TH-cam
    / @user-pb2lt7od4s
    Instagram
    tauhid_tabuk_?i...
    Instagram на русском
    tabuk_na_russko...
    ---------------------------------------------
    Ссылки каналов Нохчийн Маттахь Хьехамаш
    Telegram
    t.me/favaid1441
    TH-cam
    www.youtube.com/@user-mr5pm4m...
    ---------------------------------------------

ความคิดเห็น • 21

  • @user-un9ey2li9j
    @user-un9ey2li9j 2 หลายเดือนก่อน

    Нохчаш салам луш дац ца бох цо, ты всё перевернул верх ногами. Салам далар ма ч1ог1 дуйц ахь, ма ген даькхан ахь из. Салам далар сунат дойл ца хууш стаг карвийрвац хьун тахан вй дахараьхь. Оц стагу бохушдег и салм Деега а ма ло, Ненага а ма ло, Девошига ма ло, Ненвешига ма ло, несига а ма ло боох цо. Оц гергал нахац ойхьаз мавал боох цо, цу нахе шигахь оьздел, г1илакх долчу стаго и салм лур дац. Са фусам наан и елахь, дуьзалаш белахь, вещи-йищи дуьзалш белахь суьгам ма ло салм. Дедик йуьйцач, суьйрдик йуьйцача а ду докх сунат, большинство и сунат лелош ду бохчарн, суннат бохаг фу ду ца хаъ и дош ду (желательно). Аллах1о суннаташ ладичарех дойл вй.

  • @со-ву
    @со-ву ปีที่แล้ว +2

    السلام عليكم ورحمة الله وبركاته

  • @ars7098
    @ars7098 ปีที่แล้ว

    Ассаламу 1алейкум ва рахьматуЛлох1и ва барокатух1

  • @alik2850
    @alik2850 ปีที่แล้ว

    Шолг1а делахь салам далар г1иллакх дац дин ду

    • @Sabr.11111
      @Sabr.11111 7 หลายเดือนก่อน

      Дин дацахь г1илкх ца хул

  • @ch_spravedlivost
    @ch_spravedlivost ปีที่แล้ว +1

    Дала диканц бекхам бойла хьуна

  • @user-md7jf8tq4d
    @user-md7jf8tq4d 9 หลายเดือนก่อน +1

    Тхан да дешан таг вар Аллах1 Дала декъала Бойла массо дай Наной, но никогда шег , или ненег салам лом ца алар цо. 1арбой, кхи до къамниши Шай Шай хум Ду, сюли на пример зуд чунх хьакх велч ламаз карар ца дол, Амма вай и дол, т1акх вайя да дез ламаз зуд чунх хьакх велч? Нохчи г1иллакх всегда хаз хил дукх, а г1иллакхел хаз Аллах1о кхоьлин ца хум дац, даже ялсамне.

    • @HEHAMASH
      @HEHAMASH  9 หลายเดือนก่อน +2

      Г1иллакх пайхмара билгал даьккхина вайна, Дала шен хьокъехь аьлла волу : ( Баккъала ма хазчу г1иллакх т1ехь ву хьо) . Цуьнан г1иллакхал хаз г1иллакх ду эр дац кхетам болчо. Салама 1арбойн г1иллакх дац , салам исламан г1иллакх ду , 1арбойн г1иллакх дин дале: де дика дойла, суьра дика хуьла олаш хилла. А исламан г1иллакх салам далар ду , цу саламан маь1на хиъча и къамелаш дир дацар.
      Г1иллакхах ше автарк т1е йерзин х1умш цахит йар, нохчин г1иллакхах дац оьзда доцу сарташ хиттош лелар.

  • @HanifNanaev
    @HanifNanaev 7 หลายเดือนก่อน

    Аллах1 реза хуьлил хьун Ваша нийса бохи ахь шадерг.

  • @alik2850
    @alik2850 ปีที่แล้ว

    Динах ца кхеташ болчу нохчин г1илкхех дац салам далар.Ахь салам делча стуцахошка йа ненахошка йа баккхийчаьрга иштта кхи д1а а хьо г1иллакх доцаш ву ола. Иза къаьхьа делахь а бакъ ду. Цо нийса боху ше аг1ор

  • @BMW00088
    @BMW00088 ปีที่แล้ว

    Вай хьалхлер нохчш ишт гоч дин дар бох цо Саламан, со ишт кхета цунах, амма Салам дал дез, цун маь1ан ишт дац, дикнаг олш х1ум долш маь1ан ду цун, Дела реза хил цун тидам барн

  • @WAY-NAKH-CHE-NAKH
    @WAY-NAKH-CHE-NAKH 7 หลายเดือนก่อน

    ⬛️🔲◼️◽️◾️▫️💠◾️▫️◼️◽️⬛️🔲
    НОХЧАЛЛА - СУННАТАХ ЛАЬТТАШ Ю!
    Нохчалла национализм а ю, национализм динехь мегаш а яц, бохуш, нохчийн хIуманаш сийсаздеш, уьш дайдеш, цхьа адамаш даьржина вайна юккъехь, буьйцуш нохчийн мотт болуш. ХIинццалц арахьара мостагI гIиртинера вайн къам синоьздангаллах дохо. ХIинца чуьра мостагIий бийла буьйлабелла вайна. Уггар кхераме мостагIий уьш бу! Дукхахберш тилийна лелош а бу царех, царна шайна а шаьш буйла а ца хууш. Йоккха кIело ю цигахь. Къаьсттина хIинца тIекхуьуш болчу вайн кегийрхойн кхетам галбаккха, церан хьекъалшна тIехьажийна ондда болх бу вайн мостагIийн, кхане царгахь, оцу кегийрхошкахь юйла а хууш. ХIинца вайн къоман мостагIашна кхин некъ карийна вайна дуьхьала. Динца дин дIадаккхар, суннатца суннат дIадаккхар. Цара дуьйцург баккъал нийса дин ду моьттуш, дин дезаш волу жиманиг Iехало. Иза шен дена а дуьхьала волу, нанна а дуьхьала волу. Царна дуьхьала ваьлларг махкана а, халкъана а дуьхьалаваьлча бан тамаш а бац!
    Цара мегар яц, национализм ю бохуш йолу нохчалла хIун ю, цо хIун чулоцу билгалдаккха деза цкъа уггар хьалха.
    Нохчалло шен мохк безар чулоцу.
    Вайн Пайхамарна ша вина, ша кхиина шен мохк безаш хилла хилар - вайна хууш долу бакъдерг ду. Делера салам-маршалла хуьлда цунна!
    Нохчалло гIиллакх чулоцу.
    Къемат-дийнахь шена шух уггар гергахь хинверг - шух гIиллакх хазадерг ву, аьлла Элчано.
    Делера салам-маршалла хуьлда цунна!
    Нохчалло эхь чулоцу.
    «Эхь - иманан цхьа дакъа ду» - аьлла Элчано. Делера салам-маршалла хуьлда цунна!
    Нохчалло воккханиг ларар а, жимачуьнга къинхетам хилар а чулоцу.
    Вайх вац шуна, аьлла Элчано, жимачуьнца къинхетаме воцург а, баккхийчеран сийлалла ца хуушверг а. Делера салам-маршалла хуьлда цунна!
    Нохчалло хьаша-да ларар чулоцу.
    ЦIенна дуьххьала хьешана шенна деш «оти» олуш цIа хилла нохчийн, и хьаша паргIат хилийта. Хьаша вагIахь а, бохуш, хьешана дIабиллина латтош кхача а хилла.
    «Делах а, къемат-дийнах а тешаш волчо хьаша-да лоьрийла», - аьлла Элчано. Делера салам-маршалла хуьлда цунна!
    Нохчалло тешаме хилар чулоцу.
    Вайн Пайхамарал тешаме а волуш къонах ца ваьхна лаьттан букъа тIехь! Цуьнан шен мостагIаша а тоьшалла деш хилла цунна, тешамеверг ву хьо, бохуш. Делера салам-маршалла хуьлда цунна!
    Стагехь уггар кIезга хIума ду, аьлла вайн Пайхамара: кхераррий, писаллий. Делера салам-маршалла хуьлда цунна!
    Цхьаммо а къовсур доцуш, дуьненна а хууш, дуьненахь майраллица девзина къам ду нохчийн къам. И амал а оцу вай далийначу Элчанан къамелца йогIуш карйо вайна. Делера салам-маршалла хуьлда цунна!
    Нохчий комаьрша нах хилла. Ша ваьлла, керла хIусам а, доьзал а кхолла, охьахиина волчу гIийла воллучу стаге, цхьа хан билгал а йоккхий, хIоккхул йолчу хенан юкъана, олий, воттана даьхни луш ламаст хилла нохчийн, цуьнга шен даьхни доладайта. Вукхо, и хан дIаяьлча, шега схьаделла долу даьхни юхалуш хилла, оцу юкъана дебна, совдевлла долу даьхни цунна шенна а дуьсуш, даьхни долчо тIера ял а ца оьцуш. «Воттана даьхни далар» - олуш хилла цунах нохчаша. Цундела даим беркат лаьттина Нохчийчохь. Комаьршо йолччохь беркат а хуьлу. Нохчий даим хилла камаьрша а, вовшашка хьовсуш а, де доьхна веанчунна дан гIо долуш а.
    Пайхамара, Делера салам-маршалла хуьйла цунна, стагехь уггар кIезга хIума ду, аьлла, билгалдаьккхина долу кхераррий, писаллий нохчаллица йоцуш карий вайна.
    Иштта охьадагардан кхин а дуккха а ду уьш. Вай масаллина дахкийнарш коьртанаш бен дацара. Вайна билгалдолу-кх - нохчалла суннатах лаьтташ хилар, нохчалла - хаза гIиллакх хилар.
    Цунах олу и кIело. КIело иштта хуьлуш ю. Суннат а хьехош, суннатах долчу хIуманех, хазачу гIиллакхех нах бухабахар. ТIаккха Делан а, динан а, къоман а мостагIий ца аьлла, кхин хIун ала деза оцу декъазчу догIмех! ХIун бен ду и, нохчийн гIиллакх хилча а, гуьржийн гIиллакх хилча а, муьлххачу а къоман гIиллакх хилча а, хьаъа лелийча а, цуьнан цIе мухха яьккхича а. Хаза гIиллакх хаза ду-кх. Хьеннан делахь а. Дуьххьара куьг лоцуш салам дала буьйлабелла болу яманхой богIу шуна, аьлла-кх Пайхамара, церан къоман гIиллакх билгал а доккхуш, и гIиллакх цаьрга а дуьллуш. Делера салам-маршалла хуьлда цунна!

  • @lionodinotchka5142
    @lionodinotchka5142 ปีที่แล้ว

    Бак1 лоь и.Нохчи хиларх салам дал хьак1 долш нах бу , салам дал хьак1 доцш нах бу.Салам из чог1 мах болш хум ду , и дал хьак1 доцчерг и салам дел, салам мах ахь бакх мегар дац.Салам бусулб черг бе дал магош дац .Нохчи хиларх бусулб хил к1а хьег деш ву и..На оборот бусулб адам шег салам цадаларан кхер деш ду.Дик хум бусулб диняхь , ше чюран даржо дезш ду.Салам сунат дин т1и дилан ду.И дел чун и хьа аьц чун , ял ю да язош сунат лардяш чун санн, суннат даржош чун сан.Саламан инкарло яр , суннатан инкарло яр ду.Здраствуйте дети бохаг дац Нохчи приветстви.

  • @Djulebi6656
    @Djulebi6656 ปีที่แล้ว +1

    ВаЛлах1и ма ч1ог1а кхачаме жоппа дели ахь,Аллах1а диканца бекхам болда хьуна,хьай бусулба нахе д1акхачадан дезарг дукха ахь дуьйцург...

    • @HanifNanaev
      @HanifNanaev 7 หลายเดือนก่อน

      Амин йа Аллах1

  • @user-jn7tj4xy6n
    @user-jn7tj4xy6n 7 หลายเดือนก่อน

    Адам пайхмар 1арбо хилла???

    • @bimarzarsaev2530
      @bimarzarsaev2530 7 หลายเดือนก่อน

      АЛЛАХ 1АЗЗА ВА ДЖАЛЛА СКАЗАЛ АДАМУ" ИДИ И ПОПРИВЕТСТВУИ АНГЕЛОВ И ЧТО АНГЕЛЫ ОТВЕТИЛИ БУДЕТ ВАШЕ ПРИВЕТСТВИЕ ,И ЭТО ПРИВЕТСТВИЕ ВВЕЛ АЛЛАХ СРЕДИ ВСЕХ НАРОДОВ НА ИХ ЯЗЫКАХ.ВОТ И ВЕСЬ РАСКЛАД,а те которые отвергают это,значит ему эта религия как заицу стоп сигнал нужна.

  • @Yxcvbnm-b6f
    @Yxcvbnm-b6f ปีที่แล้ว +1

    Ассаламу алайкум вай нохчош бе лелдеш хум дац и зударшц ёл и юкъ меттиг,нохчи мат яздир ду ас яр,вай лай сан лелош бу зудри.

  • @user-md7jf8tq4d
    @user-md7jf8tq4d 9 หลายเดือนก่อน

    Салам лохь вешега, кхи бол чарги, но Дега, ненега, зуд Чунга салам мух лур Ду? Аллах1о нис дойлакх вай ща реза волчу некъахь!!!

    • @Sabr.11111
      @Sabr.11111 7 หลายเดือนก่อน

      Х1у хилла зудчунг Дега генег салам делч?бусулб стаго мух ол ишт х1ум?хьай зудчунц уллохь цаъа воцш цанхьар ц1а виъан хьо чу волш уллохь ца вацахь хьай салам локх ахь ишт Да нана йиш ваш чохь долш чу валахь цу массярг цани хьай салам да локх ахь аьхь долш х1у ду Салам юкъахь? Ма тамшин нах бу вайн юкъехь